Мациев Ахмат Гехаевич- нохчийн меттан 1илманча.
15.10.2022Нохчийн меттан 1илманехь шен къаьсттина меттиг д1алоцуш ву Мациев Ахьмад. Дукхахболчарна моьтту, Ахьмада меттан 1илманехь бина болх «Нохчийн-оьрсийн словарь», «Оьрсийн-нохчийн словарь» арахецарца бен боьзна бац. 1аламат мехала а, чолхе а, шена т1ехь дуккха а къахьега безаш а болу и ши болх бан а бу А. Мациевн уггар боккха кхиам. Амма словараш (дошамаш) х1иттийна ца 1ийна Ахьмад. Шайх дозалла дан хьакъ долуш болу дуккха а талламан белхаш а бу А. Мациевн куьйган к1елара арабевлла.