Сулейманов Баудди
22.10.2022Жимчохь дуьйна тайп – тайпана халонаш 1итталуш, болало Бауддин дахаран некъ. Цхьацца цамгарш а 1иттало, морзгалин цамгар бахьанехь б1аьрса дов. Делахь а дахарх чам ца бов к1ентан. Мелхо а цунах хьерчаш, цуьнан к1оргене кхийдаш, халкъан синхьашт лаха г1ерта. Бауддих нохчийн халкъан илланча хуьлу. Дечиг пондар лакха шайн эвларчу Асхьабех 1емира Бауддина.
Оцу хенахь дика пондар локхуш вара кхуьнан ден доттаг1а, Галнера Дубин Т1ака. Шена хууш долчаре тоьлла иллеш 1амийра цо а къоначу пондарчашна: «Таймин Бийболат», «Адин Сурхо», «Эвтархойн Ахьмад», иштта д1а кхин а.
Боккха хийцам беара Бауддин дахаре. Советан 1едал т1едог1уш кхерстинчу ц1аро, нохчийн шира юрт Дойкур –Эвла к1айчу эскарийн арданго йохийна, ягийна д1аяьккхира 1918 – чу шарахь. Цу т1амехь кхелхира Бауддин воккхах волу ши ваша Юсуп а, Дауд а.
Керла 1едал т1едог1уш халкъан доьхьа шеен дахар д1аделла волчу нохчийн к1антана Шерипов Асламбекана боккхачу безамца илли даьккхира Бауддис, « Дог майра Асламбек». Х1ара илли, оцу заманан историн масал хилла д1ах1оьттира.